Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мІерий а, кІора чубухку нойш а. И хІуманаш цІастанах йина хила еза. тесаш а, белаш а, кедаш а дира Хьирама. Везачу Элан цІийнан кертахь мел йина хІума а, заьнгала динчу цІастанах йинера цо Сулим-паччахьна. И дерриг а хІума Йордан-хин йистехь, сацкъаран латта тІехь йоттийтира Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦІартан а олучу меттигашна юккъехь. И ерриг хІума а Сулим-паччахьо шен-шен метте дІахІоттаяйтира. И хІуманаш тІех дукха хиларна, уьш еш дайчина цІастанан барам буста а ца лора. Цу тайпана деших массо а хІума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна. Уьш яра: хаза хьожа йоуьйту хІума яго дашо кхерч, Далла лерина бепиг тІедуьллуш йолу дашо стол; цІеначу деших боьттина болу стогарш (пхиъ аьтту агІор, важа пхиъ оцу уггар езачу чухуларчу чоьнна аьрру агІор хІиттийна йолу), зезагийн суьрташ, чІурам хІотторгаш, морзахаш, бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогІу хІума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кІора дІасабахьа нойш цІеначу деших дина еш; уггар езачу чоьнан чуьра неІарийн а, Делан цІийнан вукху неІарийн а кІажаш, деших дина долу.
Выбор основного перевода