Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
Кхин а цІестан ши бІогІам бира Хьирама. ХІора бІогІаман лакхалла берхІитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра. Оцу бІогІамашна тІехула дилла цІастанах таж доьттира Хьирама. Церан хІораннан лакхалла пхи дол яра. БІогІамашна тІехула динчу таьжнийн куц далийнера, царна тІе юьйцинчу зІенех бойнан суьрташ а дина. Уьш хІора тажана тІехь ворхІ-ворхІ яра. ТІаккха оцу бойнна гонах бІогІамашна тІехь долчу тажана тІехула цІастанах дина тІедехкина ши могІа наран стоьмаш бара. Оццу кепара а шолгІачу бІогІамна тІера тажана тІе а дехкира уьш.
Выбор основного перевода