Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
Иштта Къаьрхьин кІанта Йохьана а, тІеман хьаькамаша а, дерриг а халкъо а, ЯхІуд-махкахь саца аьлла, Везачу Эло шайга аьллачуьнга ла ца дуьйгІира. Къаьрхьин кІанта Йохьана а, тІеман массо а хьаькамаша а, шаьш дІасалаьхкина долчу массо а къаьмнашкара ЯхІуд-махкахь дахархьама юхадирзина долу дерриг а дийна дисина долу адам схьа а гулдина, Мисар-махка дІадигира. ГІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кІентан Ахьикхаман кІантехь Гадал-ЯхІугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхІу-пайхамар а, Нери-ЯхІун кІант Барух а шайца дІабигира. Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгІира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гІала дІабахара.
Выбор основного перевода