Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
Делан цІа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегІаш а, Везачу Элан цІийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хІума а Бавел-гІала дІадахьийтира цо. Хашадхоша Делан цІа дагийра, гІалин гонахара пен а охьабожийра. ГІалахь мел долу паччахьан цІа а дагийра, царна чохь деза мел долу хІума а хІаллакдира цара. Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дІабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дІахІотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тІаьхьенан а леш хилира. Кхин а цІестан ши бІогІам бира Хьирама. ХІора бІогІаман лакхалла берхІитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра. ТІаккха лалийначу цІастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кІорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. ТІаккха итт цІестан кІелхІотторг йира Хьирама. Уьш, чкъургаш тІехь а йолуш, меттахъяхалуш яра. ХІора кІелхІотторган яхалла а, шоралла а диъ дол, ткъа лакхалла кхо дол яра. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цІестан бІогІамех а, цІестан хІордах а, цІестан кІелхІотторгех а, иштта хІокху гІалахь йисначу кхийолчу хІуманех лаьцна. «Уьш Бавеле дІахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тІекхаччалц уьш цу гІалахь а хир ю, – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю».
Выбор основного перевода