Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цара, иза схьаяккха кечам бархьама. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до цхьайтталгІа шо тІекхаччалц, мостагІаша го бина лаьттира Ярушалайм. Цу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІа де тІекхаьчча, гІалахь мацалла йолаелира. Цу чохь болчу бахархошна даа хІума ца диснера. МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, берриг а Ярушалаймера тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь лаьттачу кевнехула гІали чуьра араделира массо а эскар. Иза Іариба-тогІи йолчу дедда дІадахара. Амма хашадхойн эскар тІаьхьаделира ЦІадукъ-ЯхІуна. Ерихон-гІалин аренашкахь уьш цунна тІаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера берриш а тІемалой цунна уллора дІасабевдира. Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гІала. Цигахь цунна кхел йира. Бавелан паччахьо ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира, иштта ЯхІуд-махкара элий а хІаллакбира цо Рабила-гІалахь. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІун ши бІаьрг а баккхий, цунна цІестан буржалш тоха аьлла, омра дира цо. Цул тІаьхьа Бавелан паччахьо иза, Бавеле дІа а вигна, набахти чу воьллира. Иза ша валлалц цу набахти чохь ваьллира. Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгІачу шеран пхоьалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь паччахьан гІаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош а дагийра. Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана уггар къечарах болу цхьаберш а, Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гІишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агІор бевлларш а йийсаре дІабигира. Амма къечу нахана юкъара цхьадолу адамаш цо цу махкахь дитира, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама. Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Цара иштта дІаяьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а, Везачу Элана гІуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цІастанах йина мел йолу пхьегІаш а. Деших а, детих а мел йина хІуманаш а дІаяьхьира паччахьан гІаролхойн хьаькамо: бошхепаш а, богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш а, цІий чудуттуш долу боганаш а, тесаш а, къуьданаш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а, сагІанийн боганаш а. Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна лерина бина ши бІогІам а, боккха яй а, шийтта цІастанах бина сту а, меттахйохуш йолу кІелхІотторгаш а чІогІа еза яра. Оцу хІуманашна дахана долчу цІастанан барам буста а ца лора. ХІора бІогІам берхІитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бІогІамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пІелг шуьйра дара. Хьалхарчу бІогІамна тІехь цІастанах дина таж дара, пхиъ дол лекха а долуш. Цу тІехь цІастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бІогІамна тІехь а дара иштта дина цІестан наран стоьмаш. Массо а агІор безткъе ялхитта наран стом бара, ткъа таж тІехь уьш бІе бара. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхІу а, шолгІа динан да волу Цапни-ЯхІу а, Везачу Элан цІа чу воьдийла ларъеш волу кхо гІаролхо а йийсаре дІавигира. ГІалахь кхидІа бисинчарах цо дІавигира тІемалойн хьаькам а, паччахьан ворхІ хьехамча а, нах эскаре дІаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гІалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. Уьш берриш а паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тІе Рабила-гІала дІабигира. Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхІудхой шайн махках бехира, йийсаре дІа а бигина. ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волу уьссалгІачу шеран уьтталгІачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дІахІоьттира. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волчу цхьайтталгІачу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІачу дийнахь гІалин пенех мостагІаша Іуьрг даьккхира. Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гІалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кІоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тІеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тІеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара. ЯхІудхойн паччахь а, цуьнца болу тІемалой а, уьш шайна гича, буьйсанна гІалара ара а бевлла, бевдда дІабахара. Уьш, паччахьан бешахула, шина пенна юккъехь долчу кевнах чекх а бевлла, Іариба-тогІи йолчу дІабахара. Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира. Циггахь, Рабила-гІалахь, Бавелан паччахьо а ЦІадукъ-ЯхІуна хьалха цуьнан кІентий байира. Иштта ЯхІуд-махкара баьччанаш а байира цо. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу, бІаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дІавига кечвира. Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. Везачу Эло хашадхойн паччахь яхІудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цІа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоІарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дІабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. Делан цІа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегІаш а, Везачу Элан цІийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хІума а Бавел-гІала дІадахьийтира цо. Хашадхоша Делан цІа дагийра, гІалин гонахара пен а охьабожийра. ГІалахь мел долу паччахьан цІа а дагийра, царна чохь деза мел долу хІума а хІаллакдира цара. Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дІабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дІахІотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тІаьхьенан а леш хилира. Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхІуга, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар а, цуьнан мел долу эскар а, цуьнан куьйга кІел йолу массо а пачхьалкхаш а, дерриг а къаьмнаш а Ярушалаймана а, цунна гонах йолчу ярташна а дуьхьал тІом беш долчу хенахь: Цуьнан аьтту куьйга, Ярушалайме гІо аьлла, кхаж бер бу. Иза, оцу кхоже хьаьжжина, цигахь оганаш херцош долу бІогІамаш дІахІитто а, адам хІаллакде, аьлла омра дан а, тІеман орца даккха а, гІалин кевнаш дохо гІирс дІахІотто а, гІалин гонах лаьттан гунаш дан а, гІала схьаяккхархьама кхиболу тІеман гІирс дІахІотто а безаш ву.
Выбор основного перевода