Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ашур-мехкан паччахь Шалманесар ХІушаІана дуьхьалвелира. ТІаккха ХІушаІах, Шалманесарна ял а луш, цуьнан ялхо хилира. Амма Ашур-мехкан паччахьна хааделира ХІушаІа шена дуьхьал барт бина хилар. ХІушаІа Мисар-мехкан Су-паччахьна тІе геланчаш хьажийнера, ткъа Ашур-мехкан паччахьна, ша хьалха луш ма-хиллара, ял ца еллера цо. Цундела Ашур-мехкан паччахьо, ХІушаІ дІа а лаьцна, иза набахти чу воьллира. Берриг а Исраил-махкана тІегІоьртира Шалманесар. Шамран-гІалина тІе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гІала. ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо. И дерриг а хилира, шаьш Мисар-махкарчу паччахьан карара а, оцу махкара а арадаьхна волчу шайн Везачу Далла дуьхьал исраилхоша къинош летийна дела. Исраилхоша кхечу деланашна Іибадат дора,
Выбор основного перевода