Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кІелхьарбаьхний? Газун а, ХІаран а, Рацап а гІаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Іеданера а бахархой кІелхьарбаьхний цара? Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн массо а деланех шен халкъ сан карара хьаьнга кІелхьардаккхаделира? Шун Дала сан карара муха кІелхьардохур дара шу? ЦІуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цІуш Ярушалаймехь а, Шамран-гІалахь а болчу цІуйл нуьцкъала бара – Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хІоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тІам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гІаттий, я цхьа а гІовгІа а ца йи».
Выбор основного перевода