Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Везачу Эло Мусага элира: «ЦІестан лаьхьа а бай, хьокхана тІе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цІестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву». Мусас, цІестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тІе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цІестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура. Шайн Везачу Далла аша дІахІоттор болчу сагІа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бІогІам ма хІоттабелаш Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дІатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дІахІоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Іибадат а дора, БаІал-харцдалла Іамал а йора. Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Іаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхІус, цу Далла лерина сагІа доккху гунаш а, шайна тІехь долу кхерчаш а дІа а даьхна, ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хІокху кхерчана хьалха бен Іибадат ма де’. И дерриге а чекхдаьллачул тІаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхІудхойн гІаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хІиттийна тІулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра, тІехь сагІа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тІаьхьа берриге а исраилхой шайн гІаланашка, шайн хІусамашка юхабирзира.
Выбор основного перевода