Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Везачу Далла нийса хеташ доцу гІуллакхаш къайлаха леладора исраилхоша. Цара шайн массо а гІаланашкахь тІехь сагІа доккху гунаш дІахІиттийра, ха деш йолу бІов йолуш йолчу жимачу гІалина тІера дуьйна чІагІйинчу йоккхачу гІалина тІекхаччалц. ЯхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун заманахь, и цІераш хилларш, схьа а баьхкина, хьамахойн четаршна а, цигахь бехаш болчу маІунхошна а тІелеттера. Цара уьш берриш а хІаллакбина. Таханлерчу денна тІекхаччалц а иза иштта ду. Церан метта уьш цигахь баха охьахевшина, хІунда аьлча жа дажо меттигаш хилла царна цигахь. «Доккхадеш ма хила, пІелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гІаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дІаьвше кІорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хІоьах кхераме саьрмик хир ма бу.
Выбор основного перевода