Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІа доккху гунаш дІадехира цо, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьийшира, Ашера цІе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цІестан лаьхьа Хьузакх-ЯхІус кагбира, хІунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цІе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягайора. И дерриге а чекхдаьллачул тІаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхІудхойн гІаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хІиттийна тІулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра, тІехь сагІа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тІаьхьа берриге а исраилхой шайн гІаланашка, шайн хІусамашка юхабирзира. ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: ‘СагІа доккхучу цхьана кхерчана хьалха бен Іибадат а ма де, цунна тІехь бен сагІина дийнаташ а ма дагаде’, – бохуш, оцу Далла лерина сагІа доккху гунаш а, шайна тІехь долу кхерчаш а дІадаьхна волу Хьузакх-ЯхІу вац ткъа иза?
Выбор основного перевода