Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирІуне гІо дехархьама а, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъархьама а. Амма пирІуно деш долу гІо эхье хир ду шуна, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. Мисар-махко до гІо цхьана а агІор пайденна дац. Цундела туьллу Ас цунна цІе: „Кхераме боцу саьрмик“, – аьлла». ТІаккха хуур ду берриг а Мисар-махкахь бехаш болчарна, Со Веза Эла вуйла. Исраилан халкъо хьоьгара, Мисар-махкара, гІо лехча, хьо, эрз санна, ледара гІортор ма яра. Цара хьо шайн куьйгашца схьалаьцча, хьо бекъабелла дІабелира, церан ерриг а белшех кІохцалш а дохуьйтуш. Уьш хьох шайна гІортор ян хІиттича, ахьа, каг а белла, церан берриг а букъ лазийра’.
Выбор основного перевода