Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гІуллакхаш ца леладора Ахьаза. ЯхІудхойн паччахь волчу Ахьаза паччахьалла деш долу шийтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Элан кІант ХІушаІ. Цо исс шарахь, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. ТІаккха Ахьаз, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Ярушалайм-гІалахь дІавоьллира, амма исраилхойн паччахьийн къуббанашкахь дІа ца воьллира иза. Ахьазан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Яхьизакх-ЯхІу. Іузи-ЯхІу – Йовтаман да, Йовтам – Ахьазан да, Ахьаз – Хьузакх-ЯхІун да,
Выбор основного перевода