Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. Шена и дешнаш дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедар этІийра. Иза шуьйра а, нийса а болчу пенна тІехула чекхволуш, нахана цуьнан дегІа тІера сингаттаман бедар гира. Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цІахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхІун кІант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дІаяздеш волу Асайпан кІант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тІевеара. Хьалкхи-ЯхІун кІанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тІехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Іебархойн маттахь ма дийца тхоьца».
Выбор основного перевода