Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тІе дІадуьгуш ду. Оцу лаьтта тІехь татолаш, Іемаш а, шовданаш а ду, тогІешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. Оцу лаьтта тІехь кІа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. Оцу лаьтта тІехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хІуманна тІехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цІаста доккхур ду.
Выбор основного перевода