Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана тешаме а волуш, Хьузакх-ЯхІус дина гІуллакхаш чекхдевлча, ЯхІуд-махка чугІоьртира ашурхойн паччахь волу Санхьариб. ЧІагІйина гІаланаш шена схьаяха дагахь, царна го бира цо. Санхьариб, ЯхІуд-махка чу а гІоьртина, Ярушалаймана дуьхьал тІом бан веана хилар шена гича, Хьузакх-ЯхІус, шен баьччанех а, тІеман хьаькамех а дага а ваьлла, гІалин арахула долу хин хьостанаш дІадукъар юкъадалийра. Цара и дан гІо дира Хьузакх-ЯхІуна. Дуккха а наха, гул а белла, кІоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дІадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хІунда каро еза ашурхойн паччахьашна?» ГІала чІагІъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхІус: доьхна долу пенаш а меттахІиттийра, пенашна тІехула бІаьвнаш а хІиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дІахІоттийра, Даудан гІали чу йогІуш йолу Милло цІе йолу терхийн басенаш чІагІ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо. Халкъана тІехь тІеман хьаькамаш хІиттийра Хьузакх-ЯхІус. ГІалин кевнехь йолчу майданахь, халкъ шена тІе а даладайтина, цуьнан дог а оьцуш, цо элира: «ЧІагІлой, доьналла долуш хилалаш! Ашурхойн паччахьах а, цуьнца долчу доккхачу эскарх а кхера а ма лолаш, ийза а ма лолаш, хІунда аьлча вайца дерг дуккха а ницкъ болуш ду, цаьрца долчул. Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гІо а деш, вайн дуьхьа тІом а беш волу». ТІаккха яхІудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхІун дешнаша халкъ чІагІдира. Цул тІаьхьа ашурхойн паччахьо Санхьариба шен хьаькамаш Ярушалайме яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна а, Ярушалаймехь болчу массо а яхІудхошна а тІехьовсийра. Ткъа иза ша, шеца долчу эскарца Лахиш-гІалина го а бина, цунна дуьхьал тІом беш вара. Цо шен хьаькамашка хІара алийтира: «Иштта боху шуьга ашурхойн паччахьо Санхьариба: „Шена го бина йолчу Ярушалайм-гІалахь виссал хьан бІобулуш дерг хІун ду те? Мацаллех а, хьогаллех а шу далийтархьама, шуьга: ‘Вайн Везачу Дала вай кІелхьардохур ду ашурхойн паччахьах’, – бохуш, шу ледой те Хьузакх-ЯхІус? ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: ‘СагІа доккхучу цхьана кхерчана хьалха бен Іибадат а ма де, цунна тІехь бен сагІина дийнаташ а ма дагаде’, – бохуш, оцу Далла лерина сагІа доккху гунаш а, шайна тІехь долу кхерчаш а дІадаьхна волу Хьузакх-ЯхІу вац ткъа иза? Шуна ца хаьа ткъа аса а, сан дайша а кхечу мехкийн къаьмнашна динарг? Оцу къаьмнийн деланашка сан карара кІелхьардахалур дарий ткъа шайн мехкаш? Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн массо а деланех шен халкъ сан карара хьаьнга кІелхьардаккхаделира? Шун Дала сан карара муха кІелхьардохур дара шу? Ткъа хІинца Хьузакх-ЯхІуга шаьш иштта Іеха а ма дайта, ле а ма дайта. Ма тешалаш цунах. Нагахь санна цхьана а къоман а, цхьана а пачхьалкхан а, цхьана а делан а сан карара а, сан дайн карара а шен халкъ кІелхьардаккха ницкъ кхаьчна ца хилча, шун Дала а дохур дац шу сан карара“». Кхин а дуккха бехира Санхьарибан хьаькамаша Везачу Далла а, Цуьнан ялхо волчу Хьузакх-ЯхІуна а дуьхьал долу дешнаш. Иштта, Исраилан Веза Дела емал а веш, кехаташ а яздора Санхьариба, Цунна дуьхьал хІара дешнаш а далош: «Кхечу мехкашкахь дехачу къаьмнийн деланашка шайн халкъаш сан карара дІа ца дахадаларе терра, Хьузакх-ЯхІун Деле а кІелхьардаккхалур дац Шен халкъ сан карара». Пенан тІехуленна тІедаьлла лаьтта Ярушалайман халкъ кхера а дина, оза а далийтина, гІала схьаяккхархьама, яхІудхойн маттахь чІоггІа маьхьарий хьоькхура цара. Ярушалайман Делах лаьцна а олура цара, Иза а адамийн куьйга бинчу лаьттахь дехаш долчу кхечу къаьмнийн деланех тарвеш. Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, Амосан кІант волчу ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро а, доІа а дина, оцу гІуллакхах лаьцна стигала хьала кхайкхам бира. Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до дейтталгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхІуд-мехкан массо а чІагІйинчу гІаланашна тІе а гІоьртина, уьш дІалецира. Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен эскаран цхьа хьаькам вахийтира дуккха а тІемалошца Ярушалайме Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе. Лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, сецира и хьаькам. Паччахьан цІийнан хьаькам волу Хьалкхи-ЯхІун кІант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дІаяздеш волу Асайпан кІант Юахьи а, ара а ваьлла, цунна тІевеара. Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дІаала Хьузакх-ЯхІуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бІобулуш дерг хІун ду? Ахь боху хьайн говзалла а, тІеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? Кагъелла Іаса санна болчу оцу Мисар-махкана тІетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тІе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Іаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирІун. Я аша олу те: ‹Тхайн Везачу Делах тешна Іаш ду тхо›? Делахь а Хьузакх-ЯхІус, цу Далла лерина сагІа доккху гунаш а, шайна тІехь долу кхерчаш а дІа а даьхна, ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‹Ярушалаймехь болчу хІокху кхерчана хьалха бен Іибадат ма де›. Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гІо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тІе ховшо береш карор барий хьуна? Сан олахочун уггар кІезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гІерта хьо, Мисар-махко хьайна тІеман гІудалкхаш а, дошлой а бахкийтарх тешна хьо Іаш велахь? Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тІе вогІур варий со иза хІаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‹Ваха а гІой, хІокху махкана тІе а латий, иза хІаллакбе›’“». Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тІехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Іебархойн маттахь ма дийца тхоьца». ТІаккха цу хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тІе а, хьуна тІе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хІара дешнаш дІаала? ХІан-хІан, хІокху пенна тІе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юуш, шайн хьатІ муьйлур долчу кху адамашка а дІаала веана со». ТІаккха эскаран хьаькамо, хьала а гІаьттина, чІоггІачу озаца Іебархойн маттахь элира: «ЛадогІалаш, ашурхойн сийлахьчу паччахьан даше! ХІара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхІуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кІелхьардахалур дац. ‘Везачу Эло вай кІелхьар а дохур ду, и гІала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхІуга ле ма дайта. Ла ма догІа Хьузакх-ЯхІуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гІой, суна тІедуьйла. Шух хІораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тІера а, инжирийн дитташ тІера а стоьмаш доийла, иштта хІораммо а шен доларчу гІу чуьра хи а молийла, аса, ван а веана, шена тІехь кІа а, чагІар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, шун латта санна долчу лаьтта тІе шаьш дІадиггалц’. Хьузакх-ЯхІуга шаьш ле ма дайта: ‘Везачу Эло вай кІелхьардохур ду’, – бохуш. Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кІелхьарбаьккхиний? Мичахь бу Хьамат-гІалин а, Арпад-гІалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм-гІалин деланаш? Шамран-гІала а кІелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кІелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТІаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?“» Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дІатийна Іаш дара халкъ, хІунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», – аьлла. ТІаккха паччахьан цІийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхІун кІанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дІаяздеш волчу Асайпан кІанта Юахьис а, шайн тІехулара бедарш а этІийна, Хьузакх-ЯхІуна тІе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дІадийцира.
Выбор основного перевода