Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза дукха чІогІа езарна Амнан могуш воцуш хилла. Ткъа Тамара йоІстаг хилла, цундела Амнан йиш йоьхна лелаш хилла. Цуьнан, ЯхІу-Надаб бохуш цІе а йолуш, доттагІа хилла. Иза Даудан вешин ШимІин кІант вара. ЯхІу-Надаб чІогІа хІилла долуш стаг вара. Цо Амнане элира: «Хьо де мел дели вочу волуш схьавогІуш ма ву, паччахьан кІант. Соьга схьа ца дуьйцу ахьа, хьайна хІун хилла?» Амнана цуьнга элира: «Сан вешин Абушаламан йиша Тамара езаелла суна». ЯхІу-Надаба цуьнга элира: «Хьайн метта охьавижа, хьо цомгуш волуш санна. Хьайн да хьайга хьажа веача, цуьнга ала: „Сан йиша Тамара яийтахьа со волчу, цуьнга, суна а гуш, юург а яйтина, суна иза яо. Сайна иза дуьхьал а йолуш, цуьнан карара юур яра аса и юург“». Амнан, ша цомгуш волуш санна, метта охьавижира. Паччахь ша волчу веача, Амнана цуьнга элира: «Сан йиша Тамара со волчу яийтахьа. Нагахь санна цо суна хьалха цхьайолу мерза хІуманаш яттахь, аса уьш, цуьнан карара схьа а оьцуш, юур яра». Дауда Тамара йолчу бахийтира, цуьнга, шен вешин Амнанан цІа а гІой, цунна яа хІума кечъе аьлла. Шен ваша Амнан волчу яхара Тамара. Иза цомгуш Іуьллуш гира цунна. Дама схьа а эцна, бод хьакхийра цо. Цунна хьалха мерза хІуманаш а йира. Чохь мерза хІуманаш йоттуш йолу зайла схьа а эцна, Амнана хьалха юург охьайиллира Тамарас. Амма Амнана хІума ца йиира. Цо элира: «Со волчуьра массо а аравала». Иза волчуьра массо а аравелира. Цул тІаьхьа Амнана Тамарига элира: «Юург со дІавуьжучу цІа чу дІахьо, аса хьан карара юур ю иза». Тамарас юург Амнан дІавуьжучу цІа чу дІаяьхьира. Цо юург шена хьалха охьахІоттийча, Амнана, Тамара катоьхна схьа а лаьцна, элира: «Охьайижа соьца, сан йиша». Амма Тамарас элира: «ХІан-хІа, сан ваша. Ма тоха сох куьг. Исраилан махкахь и санна долу хІума лелош дац. И сонта хІума ма де. Аса хІун дан деза, ахьа со юьхьІаьржачу хІоттийначул тІаьхьа? Хьо а наха сонта стаг санна вуьйцур ву. Паччахьца къамел де, иза дуьхьал хир вац хьуна со хьоьга дІаяла». Амма иза Тамарига ладогІа лууш вацара. Шен ницкъ цуьначул сов болу дела, цо иза, хьийза а йина, сийсазъяьккхира. Цул тІаьхьа Амнан цуьнца чІогІа гамвелира. Амнанан цабезам цуьнан безамал а чІогІа чІагІбеллера. Амнана элира: «Хьала а гІаттий, дІагІо». ТІаккха Тамарас элира: «Ма эккхае со дІа. ХІинца ахьа соьга бохург хьалха ахьа суна динчу вонал а чІогІа ду». Амма иза цуьнга ладогІа лууш вацара. Цо шен гІуллакх деш лелаш волчу ялхочуьнга, схьа а кхайкхина, элира: «Араяккха и зуда со волчуьра, цунна тІаьхьа неІаран гІуй дІаболла». Ялхочо, иза ара а яьккхина, цунна тІаьхьа неІ дІакъевлира. Тамарина тІехь еха бедарш яра. И тайпа бедарш паччахьан маре дахаза долчу зудабераша лелайора. Тамара, шен коьрта тІе чимаш а тесна, шена тІехь йолу еха бедарш этІа а йина, коьрта тІе ши куьг а диллина, тийжаш йогІуш яра. Цуьнан вашас Абушалама хаьттира: «Хьоьца хилларг хьан ваша Амнан-м вацара? Ма елха, сан йиша. Иза хьан ваша ву. И хІума хьайна чІогІа тІе ма оза». ХІусам йоьхна йолу Тамара шен вешин Абушаламан цІахь ша Іаш яра. Шена и хІума дІахиъча, Дауд чІогІа оьгІазвахара. Ткъа Абушалам, я вон, я дика дош аьлла, вист ца хилира Амнане. Цунна иза бІаьрга ван а ца вийзира, цо шен йиша Тамара хьийзийна дела.
Выбор основного перевода