Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса-паччахьо динчу гІуллакхех лаьцна, дуьххьарлерчунна тІера тІаьххьарчунна тІекхаччалц, яздина ду яхІудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тІехь. Асас паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгІа шо долуш, цуьнан когех цамгар кхийтира. И цамгар чІогІа кхетта йоллушехь, Везачу Элана тІе а ца воьрзуш, лоьрашкара шена гІо дар лийхира Аса-паччахьо. ТІаккха ша паччахьалла до шовзткъе цхьалгІа шо долуш, Аса-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Даудан гІалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дІавоьллира Аса. Хаза хьожа йогІучу хІуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тІе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цІе латийра.
Выбор основного перевода