Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Асас паччахьалла до ткъе ялхитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь БаІша ЯхІуд-махкана тІелетира. Цо Рама-гІала чІагІйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тІера ара а, я цу тІе а ца валийтархьама. Везачу Элан а, паччахьан а цІенойн хазнаш чуьра дети а, деши а, схьа а эцна, Дамасакхехь Іаш волчу Арам-мехкан паччахьна Бен-Хьадидана дахьийтира Аса-паччахьо. Цо Бен-Хьадиде бохура: «Барт хуьлийла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса хьуна дети а, деши а доуьйту. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаІшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тІегІоьртина волчуьра дІавалийтархьама». Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгІира Бен-Хьадида. Цо шен тІеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гІаланашна тІелата. Цара толам баьккхира Іаюн а, Дан а, Абал-Майм а гІаланашна а, Наптал-махкарчу тІаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гІаланашна а тІехь. И дерриг а шена хезча, Рама-гІала чІагІъяр саца а дина, шен болх битира БаІша-паччахьо. Ткъа Аса-паччахьо массо а яхІудхой схьагулбира. БаІшас Рама-гІала чІагІъеш лелош болу тІулг а, дечиг а цигара арадаьккхира. Цаьрца Бен-Яманан ГибаІ-гІала а, МицІпа-гІала а чІагІйира Аса-паччахьо. Нагахь халкъо, Ярушалайме а оьхуш, Везачу Элан цІийнан кертахь сагІа даккха доладахь, адамийн дегнаш юха а яхІудхойн паччахь волчу РахьбуІамна тІедоьрзур ду. ТІаккха цара со вуьйр ву». ГавІон, Рама, Баировт,
Выбор основного перевода