Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Элтакха, Габитун, БаІалт, ГІиршанан тІаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонах йолу аренаш а яра. Везачу Эло Исраилан халкъана тІехь керла паччахь хІоттор ву. Цо ЯрбаІаман цІа хІаллакдийр ду. Иза кестта хир ду. ЯхІудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхІалгІа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гІалахь ворхІ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пІелаштамхойн Габитун-гІалина го бинчу хенахь.
Выбор основного перевода