Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Махьалатал тІаьхьа Абушаламан йоІ МаІха ялийра шена РахьбуІама. Аби-ЯхІу, Атай, Зиза, Шалумати цІераш йолу кІентий бира МаІхас РахьбуІамна. ЯрбаІама исраилхошна тІехь паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, Аби-ЯхІу яхІудхойн паччахь хилла дІахІоьттира. Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Аби-ЯхІун ненан цІе МаІха яра. Иза гебаІхо волчу Уриалан йоІ хилла. Аби-ЯхІуна а, ЯрбаІамна а юкъахь тІом бара.
Выбор основного перевода