Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин а цхьа мостагІа дуьхьалваьккхира Дала Сулим-паччахьна. Иза вара ЭлидаІан кІант Ризун, шен олахо волчу Цоба-мехкан паччахьах ХІадад-Іезарх дІаведда волу. Дауд-паччахьо ХІададІезар-паччахьна тІехь толам баьккхича, шена гонах адамаш а гулдина, оцу жимачу эскаран хьаькам хилира ЭлидаІан кІант Ризун. Уьш Дамасакх-гІала бахара, цигахь а бисина, паччахьаша санна, олалла дора цара. Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а ерриге а еза хІуманаш дІаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хІума а дІадаьхьнера. Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегІаш а, дато а, дашо а хІуманаш а Везачу Элан цІа чу ехкира Аса-паччахьо. Амма яхІудхойн паччахьо Юаша, яхІудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхІушаптис а, ЯхІурама а, Ахьаз-ЯхІус а Везачу Элан цІенна сагІина мел деана хІума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагІина мел деана хІума а, Везачу Элан цІийнан а, паччахьан цІийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дІадахьийтира Юаша. ТІаккха Хьазиал тІе ца летира Ярушалаймана.
Выбор основного перевода