Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара цунна, Дан-гІала аьлла, керла цІе а тиллира. И цІе шайн дайх хилла волчу Исраилан кІентан Данан цІе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гІалин хьалхалера цІе Лаиш хилла. Цул тІаьхьа ШебаІ массо а Исраилан тайпанашна юккъехула а, массо а берихойн лаьттахула а чекхвелира, ша Абал-Байт-МаІака кхаччалц дІавоьдуш. Цу гІаланашкара бахархой, вовшах а кхетий, цунна тІаьхьахІуьттура. Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигІлат-Палиасара, схьа а веана, Іаюн, Абал-Байт-МаІак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гІаланаш, иштта ГалІад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дІалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дІакхалхийра цо.
Выбор основного перевода