Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. И хІума хиллачул тІаьхьа а шен харцнекъаш тІера дІа ца велира ЯрбаІам. Массо а халкъана юкъара схьа а оьций, сагІа доккхучу гунийн динан дай дІахІиттабора цо. Шена дІахІитто мел лиънарш ЯрбаІама къобалбора сагІа доккхучу гунашна тІехь динан дайша санна гІуллакхдарна. ЯрбаІам-паччахьо ша летийна долу а, Исраилан халкъе летадайтина долу а къинош бахьанехь, Везачу Эло Исраилан халкъ дуьтур ду».
Выбор основного перевода