Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу махкахь а бара цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дІалелхийначу наха мел лелийна дегаза гІуллакхаш леладора яхІудхоша а. Шен дас Асас паччахьалла дечу хенахь дуьйна бисина болу, цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий а, хІаллакбина, дІабехира цо махкара. И дешнаш а, Іудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дІахезча, дог иракарахІоьттира Асин. Цо ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тІера ша схьаяьхначу гІаланашкара а дегаза цІуш дІабехира. Везачу Элан цІенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагІа доккху кхерч карлабаьккхира Асас.
Выбор основного перевода