Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Дауда и зуда ша волчу схьаяло геланчаш бахийтира. Иза Дауд волчу схьаялийра, Дауд цунах кхийтира. (Ткъа шен беттан цІанъялар цу зудчо хІинца чекхдаьккхинера.) ТІаккха иза шен цІа яхара. Кехата тІехь Дауда яздира: «УръяхІу тІамехь хьалхахь лаьтташ болчу тІемалошца дІахІоттаве, уггар чІогІа тІом бечу меттехь. Цул тІаьхьа, цунна уллора дІа а довлий, иза вейта». Леррина гІала дІахьаьжча, Йоабана хаьара, уггар майра Іамминхой мичахь лаьтташ бу. Цу метте УръяхІу дІавахийтира цо. ГІалара нах, ара а бевлла, Йоабан эскарца тІом бан хІиттича, Даудан эскарна юкъара масех стаг вийра. Хьетахо волу УръяхІу а вара царах цхьаъ. Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. Даудан цІийнан паччахьалла, схьа а даьккхина, Аса хьан кара делира. Амма хьо сан ялхо волу Дауд санна вац. Дауда сан весеташ а кхочушдора, шен доггах Суна тІаьхьа а хІоьттира иза, Суна нийса хеташ дерг бен ца деш.
Выбор основного перевода