Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ур-атталла шен ден нана МаІха а паччахьан цІе лелорах яьккхира Аса-паччахьо, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бІогІам дІахІотторна. И дегаза цІу, хеда а вина, цеста а цистина, Кхидрун-тогІи чохь вагийна дІаваьккхира Аса-паччахьо. Исраил-махкахь сагІа доккху гунаш цо дІа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса. Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегІаш а, дато а, дашо а хІуманаш а Делан цІа чу ехкира Аса-паччахьо. Цара йина старгІа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дІамалийтира цо. Везачу Элан цІийнан кертахь Ашера-цІунна боьгІна болу бІогІам Юши-ЯхІу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гІалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогІи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хІуманех чим бина, иза цІеяхана боцучеран къуббанашна тІехула дІасабаржабайтира цо.
Выбор основного перевода