Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Элан ЦІа чохь гІуллакх деш болчу АхІаронан тІаьхьенах болчарна гІо дан дезаш дара. Левихоша цІано латто езаш яра цу ЦІийнан керташкахь а, цуьнан агІонаш тІехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а мел йолу хІума цІанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а гІуллакх дар. Левихоша тергам бора Везачу Элан ЦІа чохь дІахІотточу, Далла лерина долчу баьпкан а, цара дола дора ялтин сагІанашна лерина долчу деман а, иштта совсаза болчу бедах динчу хьокхамийн а, доттучу баьпкан а, бод кечбаран а тергам бора цара. Цара массо а хІуманан барам лелабора. ХІора Іуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана баркалла а кхайкхош, хастамаш бан а безара левихоша. Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хІоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гІуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь. Иштта, левихоша гуламан четарна уллохь ха а дора, еза хІуманаш лар а йора. Цара гІо дора АхІаронан тІаьхьенах болчу шайн гергарчу нахана Везачу Элан ЦІийнан кертахь Далла гІуллакх дан.
Выбор основного перевода