Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
«Исраилан халкъана юкъара левихой, схьа а къастабай, цІанбе. ТІаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тІеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тІеозор ву. Даудан тІаьххьара долчу омранашна тІе а доьгІна, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу массо а левихоша Везачу Элан ЦІа чохь гІуллакх деш болчу АхІаронан тІаьхьенах болчарна гІо дан дезаш дара. Левихоша цІано латто езаш яра цу ЦІийнан керташкахь а, цуьнан агІонаш тІехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а мел йолу хІума цІанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а гІуллакх дар. Левихоша тергам бора Везачу Элан ЦІа чохь дІахІотточу, Далла лерина долчу баьпкан а, цара дола дора ялтин сагІанашна лерина долчу деман а, иштта совсаза болчу бедах динчу хьокхамийн а, доттучу баьпкан а, бод кечбаран а тергам бора цара. Цара массо а хІуманан барам лелабора. Цул тІаьхьа аса цаьрга элира: «Шу а, хІара пхьегІаш а, Везачу Элана дІа а къастийна, Цуьнан долахь ю. ХІара деши а, дети а Везачу Элана, шун дайн Далла, адамаша шайн лаамца делла совгІаташ ду. И хІуманаш леррина ларъелаш, динан дайн куьйгалхошна а, левихошна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а хьалха, Ярушалаймехь долчу Делан цІийнан чоьнашкахь аша уьш оззалц».
Выбор основного перевода