Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цуьнан ворхІалгІа шо долуш, динан дас ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан гІаролхошна а, паччахьан цІийнан гІаролхошна а юкъара хьаькамаш схьакхайкха нах а бахийтина, уьш Везачу Элан цІийне ша волчу схьабалийра. ЯхІу-ЯдаІа цаьрца барт бира. ТІаккха динан дас, Везачу Элан цІа чохь цаьрга чІагІо а яйтина, паччахьан кІант Юаш гайтира царна. ЯхІу-ЯдаІа, омра а деш, элира цаьрга: «Аша хІара кхочушде: шоьтан дийнахь шух схьадогІуш долчу кхоалгІачу декъо паччахьан цІенна ха де. Царах вукху кхоалгІачу декъо – Сур олучу кевнехь, ткъа тІаьххьара кхоалгІачу декъо паччахьан гІаролхошна тІехьа долчу кевнехь ха де. Иштта, паччахьан цІенна тІехь аша рогІ-роггІана ха де. Ткъа шоьтан дийнахь мукъадовлучу шух массарах а долчу шина декъо Везачу Элан цІахь волчу паччахьна ха де. Иштта аша, шайн хІораннан а карахь герз а долуш, массо а агІор паччахьна ха де. Нагахь цхьаъ, шуна тІе а веана, юкъагІортахь я тІевагІахь, иза вей дІаваккха. Паччахь миччахьа вахача а, цуьнан Іуналла де». Динан дас ЯхІу-ЯдаІа де аьлларг дерриг а кхочушдира хьаькамаша. Цара хІораммо а шоьтан дийнахь схьабогІу а, мукъабовлу а тІемалой шайца ЯхІу-ЯдаІана тІебалийра. Везачу Элан цІа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, турсаш а динан дас гІаролхойн хьаькамашна дІасадийкъира. Иштта, шайн карахь герз а долуш, паччахьан гІаролхой дІахІиттира цигахь. Уьш дІахІиттира паччахьна гонах – Везачу Элан цІенна аьтту агІонна тІера аьрру агІонна тІекхаччалц, сагІа доккхучу кхерчана уллохь а, Везачу Элан цІенна уллохь а. ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан кІант ара а ваьккхина, цунна тІе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тІехь язбина тептар а дІаделира. ТІаккха иза паччахь дІахІотто даьтта тІе доттарца къобалвира. Наха, тІараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» – бохуш. Шена гІаролхойн а, халкъан а аьзнаш хезча, Іатал-ЯхІу Везачу Элан цІенна юххехь лаьттачу халкъана тІеяхара. ТІаккха, лакхенна тІехь, ша латта ма-везза, лаьтташ волу паччахь гира Іатал-ЯхІуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Іатал-ЯхІус, шен тІехула юьйхина йолу бедар ятІа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла. Динан дас ЯхІу-ЯдаІа, эскаран хьаькамаш болчу гІаролхошка омра а деш, элира: «Иза могІаршна юкъара дІаяккха, ткъа цунна тІаьхьахІуьттурш туьраца байа». ХІунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цІийнан кертахь ма ейта иза». Паччахьан цІенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара. Цул тІаьхьа халкъе а, паччахье а Везачу Элаца барт байтира ЯхІу-ЯдаІа, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. Иштта паччахьна а, халкъана а юкъахь а барт бира ЯхІу-ЯдаІа. ТІаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаІал-харцделан цІа а дахана, и цІа дохийра. Цара БаІалан сагІа доккху кхерчаш а, цІуш а бохийна дІабехира. Иштта БаІалан динан да волу Матани а вийра цара сагІа доккхучу кхерчашна хьалха. Цул тІаьхьа динан дас ЯхІу-ЯдаІа Везачу Элан цІенна ха дан нах дІахІиттийра. Динан дас, шеца хьаькамаш а, паччахьан гІаролхой а, паччахьан кертан гІаролхой а буьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цІийнера паччахьан цІенна тІе валийра. ТІаккха паччахьан гІаролхойн кевнна тІе боьдучу новкъахула паччахьан цІа кхечира уьш. Юаш-паччахь шен паччахьан гІанта тІе охьахиира. Мехкан дерриге а халкъ самукъане дара, гІала а дІатийра, хІунда аьлча Іатал-ЯхІу паччахьан цІенна уллохь, тур а тоьхна, йийнера.
Выбор основного перевода