Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дІахІотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама. «Исраилхошна тІе а дуьллуш, ахьа иштта дІаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагІанаш дахалаш. И сагІанаш цІера тІехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“. И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кІентан тІаьхьенах бара: ГІиршанах, КхахІатах, Мерарих. ХІора Іуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана баркалла а кхайкхош, хастамаш бан а безара левихоша. Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хІоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гІуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь. Иштта ю АхІаронан тІаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхІаронан кІентий хилира Надаб, АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю: Асайпан кІентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхІу, Асар-Эла. Асайпан кІенташа цуьнан куьйгаллехь гІуллакх дора, ткъа Асайпа – паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора. Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цІийнан кертахь цІастанан негІаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гІуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХІайман а паччахьан куьйгаллехь вара. Бертан тІорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хІуманашца, схьа а эцна, дІадаьхьира динан дайша а, левихоша а.
Выбор основного перевода