Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
НеІаршна чуволлучохь гІарол дан схьахаьржинарг верриг а ши бІе шийтта стаг вара (212). Уьш шайн ярташкахь цІераш дІаязъечу тептарш тІе дІаязбина хилла. Уьш тешаме хилла дела, Дауда а, Делера дерг гуш волчу Шамъала а дІахІиттийнера уьш оцу гІуллакхе. Делан тІорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТІаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира цара. Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш даьхна ваьллачул тІаьхьа, Дауда Везачу Элан цІарах халкъ декъалдира. Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Іаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Іаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра. ТІаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тІорказна хьалха гІуллакх дан дІахІиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доІанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а. Царах коьртаниг Асайп вара, шолгІаниг вара Закри-ЯхІу, цул тІаьхьа бара ЯІиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхІу, Элиаб, БенъяхІу, Іабади-Эдом, ЯІиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дІахІиттийра. Асайп дІахІоттийнера цІастанан жима негІарш вовшехдетта. Динан дай болу БенъяхІу а, Яхьазиал а дІахІиттийнера Делаца бинчу бертан тІорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама. Цу дийнахь Дауда дуьххьара делира Асайпан а, цуьнан гергарчеран а кара Везачу Элана баркаллин дешнаш алар. Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цІарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гІуллакхаш. Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гІуллакхех лаций дІадийца. Дозалла де Цуьнан езачу цІарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла! Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гІерта. Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гІуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а, ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахІиман хІух дерш, Цо хаьржина хиллачу Якъубан тІаьхьенах дерш! Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю. Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тІаьхьенашна Ша делла дош, ИбрахІимца Ша бина болу барт, Исхьакхана, чІагІо а еш, Ша дина ваІда. Цо Якъубана иза чІагІдира парз санна, Исраилана – гуттаренна а болу барт санна. Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаІанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду». Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кІезиг а болуш, уьш махкахь тІебаьхкина Іаш хилла.
Выбор основного перевода