Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, кхана хІоккху хенахь исраилхошка хІаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гІудалкхаш а ягае». Везачу Эло шега ма-аллара, дира ЮшаІа дерриг а: церан говрийн хьорзамаш а хедийра, гІудалкхаш а ягийра. ЯхІунатина шен дас аьлларг ца хезнера. Цо шен карахь йолу гІаж, дІа а кховдийна, мезан улха юккъе а Іоьттина, цу тІера моз дІакхаьллира. Цуьнан ши бІаьрг серлабелира. Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гІаж санна, боьха хетийла хиъча, Іамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гІашло волу арамхо лецира. МаІхин паччахь волчуьра – цхьа эзар стаг, ткъа ТІобера шийтта эзар стаг лецира. Арамхоша, шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, цхьаьна а кхетта, юха а эскар дІахІоттийра. ХІадад-Іезар-паччахьо Эпрат-хил дехьа Іаш болчу арамхошка схьакхайкхира. Уьш, ХІадад-Іезаран тІеман хьаькам волчу Шобаха, куьйгалла а деш, Хьайламе схьагулбелира. И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хил дехьа а ваьлла, Хьайламана тІе боьдучу новкъа велира. Цигахь арамхой Даудана дуьхьал дІахІиттира. Уьш вовшех летира. Амма арамхой исраилхойх бевдда дІабахара. Церан гІудалкхех Дауда ворхІ бІе хІаллакйира, ткъа дошлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тІеман хьаькам волу Шобах а, чов а йина, лазийра, иза циггахь велира. ХІадад-Іезаран куьйга кІел хилла болчу паччахьаша, шаьш исраилхоша эшош хилар гича, Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой Іамминхошна гІо дан кхин ца хІуттура. Кхин а цхьа мостагІа дуьхьалваьккхира Дала Сулим-паччахьна. Иза вара ЭлидаІан кІант Ризун, шен олахо волчу Цоба-мехкан паччахьах ХІадад-Іезарх дІаведда волу. Дауд-паччахьо ХІададІезар-паччахьна тІехь толам баьккхича, шена гонах адамаш а гулдина, оцу жимачу эскаран хьаькам хилира ЭлидаІан кІант Ризун. Уьш Дамасакх-гІала бахара, цигахь а бисина, паччахьаша санна, олалла дора цара. Даим, Сулим-паччахь дийна мел ву, Исраил-мехкан мостагІа вара Ризун. ХІадада динчу зуламашна иза а тІекхийтира. Ткъа Ризуна, арамхойн паччахь а хилла, Исраил-махкана зулам дора.
Выбор основного перевода