Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йоаб дерриг а Исраилан эскаран хьаькам вара. Ткъа ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу кератхошний, палетхошний тІехь куьйгалла дан хІоттийра. Адунурам беза белхаш бойтучу нахана тІехь куьйгалхо дІахІоттийра. Ахьлудан кІант ЯхІушапти пачхьалкхан гІуллакхаш яздархо дІахІоттийра. Шива йозанча вара. ЦІадуккъий, Абу-ЯтІаррий динан дай бара. Иштта Дауд волчохь динан да вара яирхо волу Іира а. Іамасаига а дІаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тІехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дІа ца хІоттавахь!“» Шайшаан кІентий Элихьорап а, АхьъяхІу а – уьш бара кехаташ яздархой; Ахьлудан кІант ЯхІушапти, пачхьалкхан гІуллакхех лаьцна яздархо; Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цІахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхІун кІант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дІаяздеш волу Асайпан кІант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тІевеара. ТІаккха паччахьан цІийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхІун кІанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дІаяздеш волчу Асайпан кІанта Юахьис а, шайн тІехулара бедарш а этІийна, Хьузакх-ЯхІуна тІе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дІадийцира. Дауда аьллера: «Уггар хьалха тІе а летта, явсайхой хІаллакбиннарг тІемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву». ТІаккха Царуятан кІант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тІелетира. Иштта цунах хилира берриг а тІемалойн коьрта хьаькам.
Выбор основного перевода