Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта чекхбаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна шена бан лиъна болу берриг белхаш. Шен дас, Дауда, Везачу Элана лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хІуманаш цу цІа чу ехкира Сулим-паччахьо. Везачу Элан цІийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хІуманаш а дІаелира Сулим-паччахьо. ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. ГІиршаман вешин ЭлиІазаран кІант вара Рехьаб-ЯхІу. Рехьаб-ЯхІун кІант вара ЯшаІ-ЯхІу. Цуьнан кІант вара Йорам. Йораман кІант вара Зикра. Зикрин кІант вара Шалумати.
Выбор основного перевода