Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъа а, цуьнца хилла болу левихой а Делан деза тІорказ схьадахьаш богІуш бара. ТІорказ охьахІоттийча, Абу-ЯтІари, берда тІе а ваьлла, цигахь лаьтташ вара, нах гІалара арабовллалц. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу, эскаран хьаькам волу; динан дай болу ЦІадукъа а, Абу-ЯтІари а; Дауда а, ЭлиІазаран тІаьхьенах волчу ЦІадукъас а, Итамаран тІаьхьенах волчу Ахьи-Малика а тобанашкахь дІасабийкъира уьш, царна тІедехкинчу гІуллакхашка хьаьжжина. Уьш дІаязбеш вара Натунаилан кІант ШамІа-ЯхІу. Иза левихойх схьаваьлла йозанча вара. Паччахьна а, баьччанашна а, динан дена ЦІадукъина а, Абу-ЯтІарин кІантана Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха уьш дІаязбеш вара ШамІа-ЯхІу. Кхаж тосучу хенахь, цкъа хьалха цхьа доьзал ЭлиІазаран тІаьхьенах, тІаккха Итамаран тІаьхьенах схьахоржура цара.
Выбор основного перевода