Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». Хьуна гІуллакх деш къаьмнаш хуьлийла, хьуна муьтІахь халкъаш хуьлийла! Хьо хьайн вежаршна тІехь олалла деш хир ву, уьш хьуна хьалха охьатаьІна хир бу. Хьуна неІалт кхайкхош верг неІалт хилла хир ву, хьо декъалвеш верг декъала хир ву». «Дукха тІаьхьа ду, – жоп делира Исхьакха. – Ас Якъубана хьуна тІехь олалла дІаделла. Ас аьлла цуьнга, массо а цуьнан вежарий цуьнан ялхой хир бу. Ас декъалдира цуьнан ялта а, чагІар а. Сан кІант, хьуна дала хІумма а дац сан!» хьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан. Хьайн вешин ялхо хир ву хьо, амма цунна дуьхьал а гІаьттина, цуьнан олаллин кІелхьара вер ву хьо». «Маданхошка инкарло йолуш а хила, уьш байа а байа, хІунда аьлча шайн мекарлонца цара а шайн шуьга йолу инкарло гайтина. Цара шу ле ма дира, ПаІор олучу меттехь хиллачу гІуллакха тІехь а, маданхойн баьччанан йоІ йолчу Кузабица доьзна долчу гІуллакха тІехь а. ПаІорехь хилларг бахьанехь нахана ун кхеттачу хенахь Кузаби, гоьмукъ а Іоьттина, йийнера». Дауда арамхой Іаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дІахІиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дІахІиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло Дауд иза араволучу массо а меттера толамца цІа воьрзуьйтура. Иза иштта хилира: хьалха Дауд-паччахьо Эдом-махкаца тІом бечу хенахь цу тІамехь белларш дІабохкархьама веана волчу эскаран хьаькамо Йоаба балаза бисина болу берриг а эдомхойн божарий байира.
Выбор основного перевода