Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхо кератхойн а, ЯхІудан тайпанан а, Килабан гаранан а НегІабахь болчу мехкашна тІегІоьртинера, ткъа ЦакхелагІ оха цІарца ягийра». Хьевронехь Даудана кІентий бинера. Цуьнан дуьххьарлера кІант Амнан израІалхо йолчу АхьнуІмата вина вара. ШолгІа кІант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигІала вина вара. КхоалгІа кІант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоІа МаІхас вина вара. ВоьалгІа кІант Адан-ЯхІу Хьагата вина вара, пхоьалгІа кІант Шапат-ЯхІу Абиталис вина вара. ЙолхалгІачу кІентан ИтраІаман нана ІагІлат яра, иза, вуьш санна, Даудан зуда яра. Даудан и ялх кІант Хьевронехь вина вара. Хьевронера Ярушалайме а веана, Дауда шена кхин а зударий а, гІарбаш-зударий а бигира. Кхин а кІентий а, йоІарий а хилира Даудан. Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, Ибхьар, Эли-ШуІа, Непаг, ЯпияІ, Эли-ШамаІ, ЭлидаІ, Эли-Пулат. Даудан мел болу ялхой, цунна уллохула тІех а буьйлуш, дІаоьхуш бара. Массо а кератхой а, палетхой а, цуьнца Гати-гІалара схьавеана волу ялх бІе гатихо а, паччахьал хьалха а ваьлла, дІавоьдуш вара. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гІараваьллачу шина баьччанан. Иштта ло догІучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо. Кхин а цхьа чІогІа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хІара карахь гІаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхІус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна. И тайпа хьуьнаре гІуллакхаш дина хилла ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гІараваьлла вевзаш вара. Иза ткъе иттаннал чІогІа цІе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дІахІоттийра БенъяхІу. ТІаккха динан да волчу ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус а, кератхоша а, палетхоша а Сулим, Дауд-паччахьан бІарзанна тІе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу, эскаран хьаькам волу; динан дай болу ЦІадукъа а, Абу-ЯтІари а; Натин кІант Іазар-ЯхІу – иза мехкадайн куьйгалхо вара; Натин кІант Зубади – иза динан да а, паччахьан юххера хьехамча а вара;
Выбор основного перевода