Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПІелаштамхошна Дауд Исраилан паччахь къобалвинийла дІахиъча, уьш массо а иза лаха арабевлира. Амма Дауд, шена и хезча, шен чІагІйина йолчу меттиге дІавахара. Ткъа пІелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогІи чохь охьахевшира. Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пІелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу». Дауда, БаІал-Паруциме а вахана, пІелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тІедогІучу хино санна, Везачу Эло дІабехира сан мостагІий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цІе, БаІал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тІедаларан олахо» бохург ду). ПІелаштамхоша цигахь шайн цІуш битира, ткъа Дауда а, цуьнца болчара а уьш схьаийцира. Юха а пІелаштамхой, баьхкина, Репайм олучу тогІи чохь охьахевшира. Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТІехьахула тІе а гІой, комарийн дитташ долчу агІор царна тІелата. Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дІавоьдуш санна, гІовгІа хазахь, сихха царна тІе гІо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пІелаштамхойн эскар хІаллакдан воьдийла». Дауда Везачу Эло шена тІедиллинарг кхочушдира. Цо пІелаштамхойн эскар ГавІон-гІалара дуьйна ГІазар-гІалина тІекхаччалц эшийра. Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тІе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дІабехира, ткъа кхозлагІчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дІахІиттира, кхунна ял а луш. Рахьубан кІант ХІадад-Іезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Іохкуш долчу латтанаш тІехь шен паччахьалла дІахІотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра. Дауда церан паччахьан коьртара деших дина, дезачу жовхІарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж цхьа гали деших дина дара. И таж Даудан коьрта тІе диллира. Цо дуккха а хІонс араяьккхира цу гІалара.
Выбор основного перевода