Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дІа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таІзар дойла суна, Іожалло бен со хьох къастор яц». ТІаккха Шамъала элира: «ХІинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тІехь долу паччахьалла хьох дІахадийна. Цо иза кхечуьнга дІакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела. Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Веза Эла Ша лерина долу массо а дика сан олахочунна дина ваьлча, Цо иза Исраилан халкъана тІе баьчча вина дІахІоттор ву. Везачу Эло соьгахула Ша дийр ду аьлларг дийр ду. Цо, хьан карара паччахьалла схьа а даьккхина, хьуна уллохь хиллачу Дауде дІаделла.
Выбор основного перевода