Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Кхана хІоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тІе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тІе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хІунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду». ТІаккха Шамъала элира: «ХІинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тІехь долу паччахьалла хьох дІахадийна. Цо иза кхечуьнга дІакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела. Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, Везачу Эло, чІагІо а еш, Дауде аьлларг аса цунна ца дахь. Шаулан цІийнера паччахьалла схьа а даьккхина, берриге а Исраилан а, ЯхІудан а мехкашна тІехь, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц, паччахьалла Дауде дІа а лур ду».
Выбор основного перевода