Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма паччахьо элира: «ХІун дийр ду аса шуна, Царуятан кІентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хІунда леладо?“ – ала мила ву?» Паччахь волчу цІа а веана, Йоаба цуьнга элира: «Тахана бойучуьра хьо а, хьан кІентий а, зудабераш а, хьан зударий а, гІарбаш-зударий а кІелхьарбаьхна волчу хьан массо а тІемалочунна а эхь хетийти ахьа. Хьо цавезарш беза хьуна, ткъа хьо везачаьрца цабезам кхоллало хьан. Цундела тахана массарна а гайти ахьа, хьан тІеман хьаькамаш а, церан тІемалой а хьайна хІумма а ца хетийла. Тахана суна хиъна, тхо массо а хІаллак а хилла, Абушалам дийна висина хиллехь, хьо цу балхана реза хирг хилар. Ара а валий, вистхила хьайн тІемалошка. Церан дог эца! Аса Везачу Элах чІагІо йо хьуна, хьо царна дуьхьал ца хІоттахь, хІара буьйса дІаялале, хьуна уллохь цхьа стаг вуьсур ма вац аьлла. Иза хьо бер долчу дийнахь дуьйна хьуна гиначарел уггаре а боккха бохам хир ма бу хьуна». ТІаккха Дауда элира: «ХІун дан деза аса шуна, Царуятан кІентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хІинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар». Кхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогІу-кх, Царуятан кІанта Йоаба хІун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кІант Абунар, ИтІаран кІант Іамасаъ. Маьршачу хенахь, тІамехь Іанош санна, цІий Іанийра Йоаба церан. Цу шиннан цІийх дуьзира цо шен гІодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший. ХІинца ахьа хьекъалца чекхдаккха и гІуллакх, амма къеналлин Іожаллица ма валийта Йоаб. Церан Іаьнна цІий Йоабан коьрта тІе а, цуьнан тІаьхьенна тІе а дужийла абаденналц. Ткъа Даудана а, цуьнан тІаьхьенна а, цуьнан цІенна а, цуьнан паччахьаллина а Везачу Элера маршо хуьлийла абаденналц!» ТІаккха ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус вахана Йоаб вийра. Иза шен цІерачу яьссачу аренгахь дІавоьллира. Церан гІуллакхашка а, цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий, кхел ехьа царна. Церан куьйгийн балхе хьажжий, ял лохьа царна, хьакъ дерриг юхалохьа царна. Дукха зуламаш дина суна цІестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таІзар дийр ду цунна.
Выбор основного перевода