Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тІе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо. ТІаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тІедуьйла элира цо. Царна юкъара МатІарин гара хаьржира. ТІаьххьара а Къушин кІентан Шаулан цІе яьккхира. Амма Шаул лаха хІиттича, иза кара ца вора. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Шаулан пачхьалкх Даудан кара дІаялархьама Дауд волчу Хьевроне баьхкинчу тІемалойн тобанийн барамаш иштта бу: Бен-Яманан тІаьхьенах волу а, Шаулан гергарчу нахах волу а кхо эзар (3000) стаг (царах дукхахберш хІетталц Шаулан цІенна тешаме биснера);
Выбор основного перевода