Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Іелас элира: «Хьоьга хІун элира? Хьайга аьллачух хІумма а къайладаккха ма гІерта. Дала хьуна чІогІа таІзар дийр ду, ахьа сох хІумма а къайладаккхахь». Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хІума ца юуш Іийра, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цІа а бахьана долуш, уьш мостагІийн туьро хІаллакбина дела. Цуьнан цІийнах болу къаной, иза волчу а баьхкина, иза лаьттара хьалагІатто гІерташ бара, амма Дауд цигара хьала а ца гІаьттира, цаьрца цо яа хІума а ца йиира.
Выбор основного перевода