Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Хьан дас кхузахь шен цІа Іалашдан битинчу цуьнан гІарбаш-зударшца дІавижа. ТІаккха массо а исраилхошна дІахезар ду, хьо хьайн дена бІаьргахь доллу дитт санна хета аьлла. Хьуна тІаьхьа бевлларш хьоьца кхин а чІогІа тешаме болуш дІахІуьттур бу». Дауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дІавелира. Уьш бара Шаулна АяхІун йоІа Рицпата бина болу кІентий. Цо иштта Шаулан йоІа Мирабас вина волу пхи кІант а дІавелира. Уьш бара Шаулан йоІа Махьуларчу Барзалайн кІантана Іадриалана бина. Цо уьш гавІонхойн кара дІабелира, ткъа цара уьш Везачу Элана хьалха гу тІехь ирхъоьхкира. Уьш ворххІе а цхьаьна велира. Ялта чудерзочу хьалхарчу деношкахь белла дІабевлира уьш. АяхІун йоІа Рицпата, Іаьржа шаршу схьа а эцна, иза тІулга тІе дІаяржийра. Ялта чуоьцучу хенахь дуьйна, чІогІа догІанаш декъашна тІе доладаллалц, дийнахь а, буса а цигахь Іийра иза. Цо я стигалахь лелаш долу олхазарш а, я лаьттахь лелаш йолу акхарой а церан декъашна тІе ца кховдуьйтура. Шаулан гІарбаш-зуда хилла йолчу АяхІун йоІа Рицпата динарг Дауде дІадийцича, Сулим-паччахьо, шен нене жоп луш, элира: «ХІунда доьху ахьа Адан-ЯхІуга шунамхо йолу АбишагІ яхийтар? ТІаккха-м и ехна ца Іаш, паччахьалла а дІадалар хІунда ца доьху ахьа цунна. Иза сан воккхах волу ваша ма ву? Цунна и ехарца динан да волчу Абу-ЯтІарина а, Царуятан кІантана Йоабана а паччахьалла доьхуш ю хьо».
Выбор основного перевода