Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьеврон-гІалахь Даудана динчу берийн цІераш хІорш ю: Даудан дуьххьарлера кІант Амнан израІалхо йолчу АхьнуІмата вина вара. ШолгІа кІант Даниал кармалхо йолчу АбигІала вина вара. КхоалгІа кІант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоІа МаІхас вина вара. ВоьалгІа кІант Адан-ЯхІу Хьагата вина вара. Даудан пхоьалгІа кІант Шапат-ЯхІу Абиталис вина вара. ЙолхалгІа кІант ИтраІам ІагІлата вина вара. Иза, вуьш санна, Даудан зуда яра. Даудан и ялхе а кІант Хьевронехь вина вара. Цигахь Дауда ворхІ шарахь а, ялх баттахь а паччахьалла дира. Ярушалаймехь Дауда ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира. АбигІал, сихонца кеч а елла, вирана тІехиира. Цунна тІаьхьахІоьттина пхи ялхо яра. Дауда бахкийтинчаьрца дІа а яхана, цуьнан зуда хилла дІахІоьттира иза. ИзраІал-юьртара АхьнуІмат а дІайигира Дауда. Цу шиннах цуьнан зударий хилира. Даудан кІентан Абушаламан, Тамара бохуш цІе а йолуш, чІогІа хаза йиша хилла. Ткъа Даудан кхечу зудчун кІантана Амнанна и шен йиша Тамара езаелла.
Выбор основного перевода