Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АбигІал, сихонца кеч а елла, вирана тІехиира. Цунна тІаьхьахІоьттина пхи ялхо яра. Дауда бахкийтинчаьрца дІа а яхана, цуьнан зуда хилла дІахІоьттира иза. Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Іамалекхахошний тІелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гІалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тІекхаччалц дехаш хилла.) Даудан кІентан Абушаламан, Тамара бохуш цІе а йолуш, чІогІа хаза йиша хилла. Ткъа Даудан кхечу зудчун кІантана Амнанна и шен йиша Тамара езаелла. Ткъа Абушалам, ведда дІа а вахана, Гешурара паччахь волу ІамихІудан кІант Талмай волчохь дІалечкъира. Дауд-паччахь хІора дийнахь шен кІантана воьлхура. Абушалам, Гешура ведда дІа а вахана, кхаа шарахь цигахь Іийра.
Выбор основного перевода