Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абушалама шен ялхошна тІедиллира: «Амнан ларвеш хилалаш. ЧагІар меллачул тІаьхьа цуьнан дог сакъералуш хир ду. Аса шайга „ТІетоха цунна“, – аьллачул тІаьхьа, Амнан, вей, дІаваккхалаш. Шу кхера ма кхера. И хІума аса тІедиллина шуна. Майра а, доьналла долуш а хила». Абушалама шайна тІедиллинарг кхочушдира ялхоша. Амнан цара вийра, ткъа кхиболу паччахьан кІентий, хьала а гІевттина, шайн бІарзанаш тІе а хевшина, дІабевдира. Йоаба элира: «Сан йиш яц хьоьца хан яйа!» Кхо жима гоьмукъ схьа а эцна, цо уьш ножан дитта тІехь валаза кхозуш волчу Абушаламан дагах чекхдехира. Йоабан герз лелош волчу итт къона тІемалочо Абушаламна го бира. Цара иза вийна дІаваьккхира. ТІаккха Сулим-паччахьо ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу вахийтира иза вен. Цо Адан-ЯхІу вийра.
Выбор основного перевода