Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дІа. ЦІенош дийр ду аша, амма царна чохь Іийр дац шу. Кемсаш югІур ю аша, амма пайда оьцур бац царах. Ткъа Дауда и зуда ша волчу схьаяло геланчаш бахийтира. Иза Дауд волчу схьаялийра, Дауд цунах кхийтира. (Ткъа шен беттан цІанъялар цу зудчо хІинца чекхдаьккхинера.) ТІаккха иза шен цІа яхара. Иза берах хилира. Цо Дауде, ша берах ю аьлла, хабар дахьийтира. Дауда Йоабе хабар дахьийтира: «Схьахьажаве со волчу хьетахо волу УръяхІу», – аьлла. Йоаба УръяхІу Дауд волчу дІавахийтира. УръяхІу Дауд волчу веара. Паччахьо цуьнга Йоабах лаьцна а, эскарх лаьцна а, тІамах лаьцна а хеттарш дира. Цул тІаьхьа Дауда УръяхІуга элира: «ЦІа а гІой, хьайн ши ког била». УръяхІу паччахьан цІа чуьра аравелира. Цунна тІаьхьа совгІатна паччахьо даар-малар дахьийтира. Амма УръяхІу шен цІа ца вахара. Шен олахочун массо а ялхочуьнца паччахьан цІийнан ков долчу дІавижира иза. Дауде, УръяхІу шен цІа ца вахана аьлла, хаам кхаьчначул тІаьхьа, паччахьо цуьнга хаьттира: «Бехачу новкъара юхавирзина ма ву хьо, хьайн цІа хІунда ца вахара хьо?» УръяхІус Дауде элира: «Делан тІорказ а, Исраилан халкъ а, ЯхІудан халкъ а четарш кІелахь ду. Сан эла волу Йоаб а, цуьнан массо а эскархо а аренгахь шайн меттамотт лаьттачохь бу. Муха Іийр вара со, сайн цІа а вахана, дууш-молуш, сайн зудчуьнца дІа а вуьжуш? Хьан дахарх а, хьан синах а дуй боу аса, и санна дерг дийр ма дацара аса аьлла». ТІаккха Дауда УръяхІуга элира: «Кхин цхьа де а даккха кхузахь, кхана аса дІавохуьйтур ву хьо». Кханалера де тІекхаччалц, УръяхІу Ярушалаймехь сецира. Дауда УръяхІу ша волчу дІакхайкхира. И шиъ дууш, молуш Іийра. Дауда цунна малийра. Амма УръяхІу юха а, шен цІа а ца воьдуш, шен паччахь волчу элан ялхошца цхьаьна дІавижа вахара. ШолгІачу Іуьйранна Дауда, Йоабе кехат а яздина, иза УръяхІуца дІадахьийтира. Кехата тІехь Дауда яздира: «УръяхІу тІамехь хьалхахь лаьтташ болчу тІемалошца дІахІоттаве, уггар чІогІа тІом бечу меттехь. Цул тІаьхьа, цунна уллора дІа а довлий, иза вейта». Шерачу тхов тІехь Абушаламна четар хІоттийра. Ткъа иза массо а Исраилан халкъана хьалха, четар чу а вахана, шен ден гІарбаш-зударех кхийтира.
Выбор основного перевода