Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча цо Везачу Элан дош а ца лерина, Цуьнан весет а дохийна. Иза билггал шен къомана юкъара дІа а воккхур ву, иштта ша латийначу къинна жоьпе а озор ву“». Везачу Эло хьайга аьлларг хІунда ца дира ахьа? Стенна кхийтира хьо ижуна тІе, Везачу Элан бІаьргашна хьалха вон деш?» Кехата тІехь Дауда яздира: «УръяхІу тІамехь хьалхахь лаьтташ болчу тІемалошца дІахІоттаве, уггар чІогІа тІом бечу меттехь. Цул тІаьхьа, цунна уллора дІа а довлий, иза вейта». Леррина гІала дІахьаьжча, Йоабана хаьара, уггар майра Іамминхой мичахь лаьтташ бу. Цу метте УръяхІу дІавахийтира цо. ГІалара нах, ара а бевлла, Йоабан эскарца тІом бан хІиттича, Даудан эскарна юкъара масех стаг вийра. Хьетахо волу УръяхІу а вара царах цхьаъ. Тийжаран зама чекхъяьлча, Дауда и йолчу стаг вахийтира Бат-ШабаІ шен цІа схьаялаяйта. Иза цуьнан зуда хилла дІахІоьттира, цо Даудана кІант а вира. Амма Везачу Элана и хІума ца дезаделира.
Выбор основного перевода