Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу деношкахь Хьузакх-ЯхІу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кІант волчу ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цІентІехь болчаьрга весет де, хІунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“». «Хьузакх-ЯхІу волчу а гІой, иштта дІаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доІа а хези, хьан бІаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тІе пхийтта шо хан тухур ю. «Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгІазло вайна тІера дІа а яьккхина, вай хІаллак ца деш дита мега Цо».
Выбор основного перевода